Тахана , оханан беттан ткъе пхоьлг1ачу дийнахь,1алхан-Юьртара лоьмар 4 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь
28.05.2025Тахана , оханан беттан ткъе пхоьлг1ачу дийнахь,1алхан-Юьртара лоьмар 4 йолчу йуккъерчу йукъардешаран ишколехь, Нохчийн меттан к1иран графикаца, Айсет Сулеймановнас д1адаьхьира ловзар-къовсадалар. Хьехархочо а, дешархоша а ч1ог1а дика кечам бинера. Тобанашкахь жигара болх д1абаьхьира дешархоша. Дуккха а синк1оме т1едахкарш дара къовсамехь. Ишттачу белхаша г1о до берашна мотт бовзарехь а, кхиарехь а.
Источник: В МБОУ «СОШ №4 с.Алхан-Юрт»